Хож-Ахьмад-Хьаьжас дуьйцу…..2 дакъа


Хож-Ахьмад-Хьаьжас дуьйцу.....
Исламан сирлачу новкъахь
2 джайна
Хаттар
Тхан имамо рузбанан дийнахь маьждиге пхийтта шо кхаьчна воцург ма вола олу. Нийса дуй иза?
Жоп:
Пхийтта шо кхачаза верг имамо маьждиг чу вуьтуш вацахь, пхийтта шо кхаьчча, вайга уьш цу чу бигалур а бац. Цуьнан ворхI шо кхаьчча дуьйна, итт шо кхаччалц ша бусалба вуй а хоуьйтуш, хьехарш де бохуш, дуьйцуш ма ду тхо. Итт шо кхаьчначул тIаьхьа човхийна а, тоьхна а, хьаьстина а, кхетош къамел дина а, цуьнга ламаз дайта боху, пхийтта шо кхаьчначул тIаьхьа «таклип охIлу» хуьлу цунах, баккхийчарах санна декхар хьаьрча цунах. И декхар хьарчале хьалха динах марзо кхета еза цуьнан. Вайн дайша лаа ца олура: «Хьокхах ца бо хIоз, хIоз серах бан беза». Жимчохь дуьйна Iамо деза доьзална гIиллакх а, дин а, оьздангалла а. Иштта ду цуьнан маьIна. Цундела и бераш духатоха мегар дац. Сан кхетамехь, маьждиг чохь готта хир я бераша гIовгIанаш еш хир ю. Цундела аьлла хир ду имама и дешнаш. ГIовгIанаш йеш уьш белахь, и ма йе аьлла, хьехам бан беза. Чохь готта елахь, шайн ма-хуьллу паргIато ян хьовса деза: хьалхарчунна букъ тIе корта тухуш а, чуьра ара ца бохуш, дIа ца хьежош, мелхо а, цу чу бало гIерташ, къахьега деза, амма дIакъахко мегар дац. ТIехь декхар дацахь а, маьждиге вахча, ял ю цунна, ткъа пхийтта шо кхаьчначул тIаьхьа ца вахча, къа ду цунна.
Хаттар: Шен декъа тІехь елка-дечиг кхио мегаш ду я дац? Жоп: Елка-дечиг декъа тІехь кхио мегар дац аьлла чІагІдина дац шарІо, адамаша шайггара даьккхина ду иза, хІунда аьлча, елка гуттар а сийна лаьтташ ю, ткъа адамаша « Дела воцург, массо хІума а дІадер долуш ду» бохучу дешнех тардина елка сийна латтар. Шена хазахеташ йолу муьлхха а хІума а – дечигаш, зезагаш кхио мегаш ду декъа тІехь.
3 Хаттар: Шо кхаьчна долу, я шо кхачаза долу бер нанас цІандича, ламаз карара долий цуьнан? Жоп: Бер жима хиларца я доккха хиларца доьзна дац цуьнан Іовратах хьакхаелча, ламаз карара далар. «Куьг Іовратах хьакхаделча, ламаз карара долу», – аьлла бу цу хьокъехь болу сацам. Цкъа хьакхаделча (хан бен яц), цуьнан ненан ламаз духур ду.
Хаттар
Новкъахь воьдуш, некъан бакъо талхийна аьлла, гаишнико сацийча, протокол цаяздайтархьама цунна ахча далар хьарам дуй?
Жоп:Хьарам ду, и луш волчунна делча а, схьаоьцуш волчунна схьаэцча а, цунах лаьцна цхьа масал далор ду ас. Вайн дайша олура: «Iилма хаар – Iилма тIеттIадало хаар ду». Хьаьж-ЦIа воьдуш волу стаг цхьана меттехь, кIело а йина сацорца: «ХIоккхул мах ло, иза охьа ца биллахь, дозанал дехьа волуьйтур вац хьо», аьлла, хьоьгара мах бехча, хьайгахь ахча делахь а, царна ца луш ву хавирзина цIавар – Далла гергахь лекха хир ду хьан. ХIунда аьлча, ахь и мах белча, цул тIаьхьа вогIуш верг чекхволуьйтур вац цо, и Iадате дирзича, дала ахча доцуш верг а вухаверзор ву. Цунах нахана зулам хир ду. Вайгара и ахча доьхуш, иза доккхуш болу белхахой шайна догIучу алапех бехаш хила беза, цхьажимма мукъна а шен оьздангалла ларъян хьажа веза хIора стаг. Къаьсттина иза ала догIу низам лардан хIоьттина волчу стаге – шен низам Iалашдеш хила веза иза.
Хаттар
Шена и хууш цахилар бахьанехь, дуккха а шерашкахь марханаш оьшшучу барамехь ца кхаьбна ша, хIинца и марханаш меттахIитторна хIун дан деза ша?
Жоп:
Дела реза хуьлда самоярна! Декха дезар ду, хан мел генаяьллехь а. Нагахь кхаба йиш йоцуш цуьнан марханаш дисинехь, юха мархин бутт тIебале цо уьш декхча, декхар дIадолу цунна тIера. ТIаьхьийхьалхий ца декхча, мегар ду цунна уьш, шо кхачале декхчахьана, цунах каффарат ца хьаьрчаш, оцу бехках хьалхаволу иза. Цо шен дисина марханаш декхале шолгIа мархин бутт тIебеанехь, шен парз мархин бутт кхаьбначул тIаьхьа, ялта хьаьрча цунах (каффарат), дисина долчу хIор мархина – цхьа кана. Нагахь санна итт шо даьлча цо и декхча, итт кана хьарча цунахь, ткъа шаре ваьлла цо и декхча – ткъа кана хьаьрча цуьнан хIора мархех. Цундела ма-хуьллу сиха декха хьажа веза – ша маца лийр хууш ма вац цхьа а стаг. Дала аьтто бойла церан, и марханаш декха Дала хьуьнар а лойла царна!
Хаттар:
ЦІахь Іийна цахилар бахьанехь динах дерг кІезиг хаьа шайна, хІинца шаьш цІа дирзина, шайн бераш ишколе оьхуш ду, царна и ламаз-марха ишколехь Іамийча дика хир дацара те?
Жоп: Оьшуш само ю иза. Дин емалдеш долу Іедал дІадаьлла. Массарна а елла шен дин лело паргІато. Дин лело ишта паргІато йолуш зама хилла яц. Керста наха юкъадаккха хьийзош ду ишколашкахь дин хьехар, вайн ишколашкахь а ма ю Іаьрбийн меттан урокаш. Шаьш бусалба хиларх дог чІагІделла ма ду нохчийн къам. Алхьамду лиллахІ, Дала делла и ниІмат ма ду вайгахь. Ишколийн директорш а, дешаран министерствон, муфтиятан белхахой, вовшех дага а бевлла, ламаз Іамор ишколашкахь юкъадаьккхича кегийрхошна боккха пайда хир бара цунах. Суна тІе хийла нах ихна, шайна ламаз дан ца хаьа, Іамадахьара бохуш. Оцу кепара гІело хир яц вайна тІекхуьуш долу къона чкъор ламаз дан Іамийча. Шен хеннахь хІоттийна хаттар ду иза. Вай Іедалца а, муфтиятца а цхьацца некъ бича, динан бух ишколашкахь хьеха бакъо лур ю аьлла хета суна.
Хаттар
Диъ бер ду шен. ЦIийндегара хуьлуш цхьана а кепара гIо дац. Шен карадеана ахча къайла а доккхуш, цунах малар оьцу цо шена а, шен накъосташна а. ХIун дан деза ша цIийндега малар дитийта?
Жоп:Вахош долу маларш муьйлуш берш Делан оьгIазалла тIеоьцуш болу нах бу. Оцу кепарчу некъа тIе хIоттарца шен доьзална а, хIусамнанна а, денананна а, гергарчу нахана а – массарна а зулам ду цо деш дерг, царах массарах а барт хоттур бу цуьнга. Доьзалан а, хIусамненан а напха дена тIехь ду, къаьркъа а муьйлуш цо уьш мацбича, шен дегIехьа а ваьлла, цо доьзал меца битича, церан хьокъах вер вац иза. ЙогIур ю цо ша лелийначу некъах жоп дала деза кхин зама (дуьненчохь а, эхартахь а). Тахана долу гIора а, хьал а лаьттар дац цуьнгахь, шен бераш чехочуьра дIа а ваьлла, беро ша чехор волчу хьоле кхочур ву иза, хIунда аьлча, и бераш нийса кхиош къа ца хьегна цо. Шен паргIатонехь а, ша санна болчу дайшца йолчу дикачу юкъаметтигех ирс оьцуш болчу нийсархойх а хьегийна цо шен бераш. Оцу дерригенах болу бекхам дуьненахь оьцур бу оцу « да ву бохучо». Шен доьзалан хьакъ дIакхачош иза вацахь, ма тиша, гIийла болх бу цуьнгахь хинберг. ХIунда волу те оцу хьоле, ойла хIунда ца йо те? ВаллахIи, бакъ ма ду, байттамал хир ма ду цунна! Стага ша лардан деза шен сий, цунна тIехь ду доьзалан сий лардар а. Цхьажимма хан яьлча йоI кхуьур ю цуьнан, ткъа оцу йоIана а, гIиллакх а, оьздангалла а Iамийна хир дац, деша яха аьтто хилла хир бац, йоьIан хIун бехк бу да лартIехь ца хилча? Кхин гIолехь кIентан хьал а хир дац, зуда яло еза цо, мича буха тIера ялор ю цо иза? Оцу шина а белхан ойла а йина, шена тIехь долу декхарш кхочушдан хьажа веза, нисвала веза.
Хаттар:
ГІенах Мухьаммад-пайхамар (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) ву аьлла стаг гина шена, и муха туьдур дара ахь?
Жоп: ГІенах Делан Элча (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) шена гича стага шен дахарехь терза хІотто деза. Шегара вониг ца долуьйтуш, бехкамаш хІиттош, ларвала веза иза. Цу кепара гІенаш гиначу нахаца къамелаш дар а, цаьргара ирс эцар а нисделла сан дахарехь. Делан Элча (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) гІенах гиначул тІаьхьа и нах Іамал-Іибадатехь совбуьйлуш гина суна. Цу тайпа гІан гича, иза дикачу агІор тидарца ша цхьана дикане нисван оьхьна-кха иза шена аьлла, цу ойланах ца вухуш, дика Іамал ян еза, вочу хІуманна букъ тоха беза. Дала диканна дойла цуьнан гІан!
Хаттар:
ЙоІе кховдийна захало ду, тешамна елла хІума ю, амма дас-нанас кхечуьнга дІаелла иза. Цуьнан дена-нанна къа хир дуй?
Жоп: Кхетаме долчу ден-ненан Іалашо шен берана диканиг хила лаар ю. Садолу массо а хІума шен кІорни Іалашъян гІерташ хуьлу, вайна гина хІун дуьхьало йо олхазаро-котамо шен кІорнина тІекхевдича. Адам кхетаме хилар бахьана долуш, шен доьзална а диканиг лаарехь совдолуш ду. ШариІатехь ден а, да вацахь, деден а бакъо ю кхиъна йогІу йоІ, цуьнгара пурба а доцуш, маре яла. Цуьнан хьекъал а, кхетам а кхачаме ца хила тарло шен дахаран ирс мичахь ду хаа, цундела ден а, деден бакъо ю шайна гІоле хетта захало дан. Цу шиннан бен кхечеран яц и бакъо.
Хаттар:
Шен нана цомгуш ю, цунна догIуш долу пенси схьаоьций, дас схьа ца ло, цуьнах лаций алахьара бохуш, доьху.
Жоп:
Оцу дена тIехь ду шен доьзална напха латтор. Оцу напхина юкъадогIу шен зудчунна молха (дарба) латтор, цомгуш елахь, больнице йигар, лор хьажийтар. И дерриге шена тIе а лаьцна, хIусамненан хьашташ кхочушдеш иза велахь, хIусамдена мегаш ду цуьнан ахчанах пайдаэца. Амма шен зудчунна эшам беш иза велахь, и ахча карахь сацо мегар дац, хIунда аьлча, шен зудчун дола дан декхарийлахь ву иза.
Хаттар:
ЦIийндас зуда дIайохуьйту, цомгуш ю, дечу гIуллакхна хьуьнаре яц олий. Иза къилахь дуй?
Жоп:
Доьзалхо дуьнентIе волуш цамгар кхетта йолу зуда кхобуш Iаш ву тхан юьртара цхьа стаг. Ткъе итт шо кхаьчна и зуда цомгуш йолу, дегIан дола далуш яц иза. Ерриг юрт а шех цецйолуш, оцу зудчун хаза доладеш схьавогIу и стаг, шена хуьлуш болу эшам, цатам а ца буьйцуш. Шена ялсамани яккхар ду иза. Делан кхинхетам а, адамийн баркалла а доккхуш ву иза. Оцу кепара вовшашка хьовсар ийманах ду, доьналлехь ду, стогаллех ду. Стаг а, зуда а кIелвиссинчуьнга хьожуш хила деза, вовшийн дола дан деза цара. Уьш вовшашка ца хьаьвсича, цара вовшийн дола ца дича, сий ца дича, сий ца дича, наха а тIехтухур ду царна. Юхьдуьхьала ца алахь а, букъ тоьх-тоьхначохь дуьйцур ду, нах дош ала бен бац. Могуш а, хаза а болчу хенахь ма мегна уьш вовшашна. Муьлха а цамгар Делера ю. Оьзда болчу наха массо а хенахь вовшийн дола дина, гIора долуш верг кIелвисинчуьнга а хьожуш. Оцу кепара йолу оьздангалла Дала совйокххийла вайн къомехь!
Хаттар:
Доьзалхочуьнгара цхьа ледарло яьлла, дас дов дича, къадехарх, сардамаш дехкарх лаций дийца боху.
Жоп:
Шен доьзалан хьокъехь дас-нанас деш долу доIа а пайхамарша шайш умматна деш долу доIа санна, жоп луш хир ду аьлла ду. Иштта жоп луш хилча, къадеха муха мегар ду, оьгIазваханчу дас човхийнера аьлла? И къа ца деха лазош тоха мегар дара, сакхталла ца йисчахьана. Къа ма деха, кхетош къамел де. Ас сайн доьзалехь дIахIоттийна юкъаметтигаш иштта ю – тоьхна вуьтур вацара те, къамел а ца деш? Бехк болчуьнга цунна эхь хетталц, бIаьргех хи даллалц кхетош къамел дина ас. Иштта хила езаш ю доьзалца йолу юкъаметтиг. Сардамаш дохка ца деза, къа деха ца деза. Дас къадехча, цуьнан амал бераша схьаоьцур ю, цунах масал оьцур ду, тIаьхьено тIаьхьене а луш, дIагIур ду иза, цунах бохам хир бу вайн дерриге халкъана а. «Дала кхетам лойла хьуна! Дала нисвойла хьо!» олуш, кхетош къамел дан деза.
Хаттар:
МаІарш буьйсанна хедо мегаш дуй?
Жоп: МаІарийн чаккхенехь вайн синпхенийн чаккхенаш ю, лоьраша ма-аллара, нервийн системин чаккхенаш ю маІаршна кІел. Чиркх сирла бацахь маІар хадочу хенахь барамал совъяьккхина и хадийча, нервин сплетенеш цо хадо тарло, и меттиг эгІа кхерам бу тІаккха. Цундела аьлла хьекъал долчу наха маІарш сирла йолчу хенахь бен ма хедае. Амма ян башхо а яц: дийнахь хедийча а, буьйсанна хедийча а, вай дегІ Іалашдеш хилчахьана.
Хаттар:
Шен цІийнда молуш а ву, харцахьа лелаш а ву. И санна ледарло зудчуьнгара яьлча даздой дуьйцуш, генадоккхур дара, ткъа боьршачу стага лелош дерг хьаха а ца до.
Жоп:
«Скорая помощь» машен тІехь лоьран болх бан дезна сан масех шарахь. Цу хенахь со кхайкхина вигинера цомгаш волчу стагана тІе. Вахана дІакхаьчча, цхьана а кепара хаалуш пуьлс яцара цуьнан, детталуш хаалуш дацара дог, амма давлени йолуш яра, сайн лоьрийн хьесапца иза дийна вуй хиира суна. ТІаьхьо шеквелира со, къаьркъа маларо эшийна витина вуй те хІара аьлла. Дехьачуьра цуьнан зуда а, йиша а схьа а кхайкхина, ас хаьттира: «ХІара стаг къаьркъа мелла велахь, сан молханах гІо хир дац хІоккхунна, мелхо а дІовш дер ду, хІара мелла вуй?». Цу шиммо дийцира: «Цхьаъ кІайн шиша а, цуьнца цхьаьна цІен шиша а иэ а дина, дІамелла цо». Шен ваша бехказавоккхуш, йишас тІетуьйхира: «Божарша молуш хуьлу-кх иза», – аьлла. Іуьллуш волчунна тІехІоьттина Іаш молла а вара. – ДІахьарчаде хьайн Къуръан, – элира ас моллега. – Ши хІума гучудели суна. – ХІун ду хьуна гучудаьлларг? – хаьттира моллас. – Цкъа делахь, хІара стаг хІумма хилла вац, къаркъа мелла воьжна ву. ШолгІа, вайша стаг воцийла хии суна. – И муха хиира хьуна? – юха хотту моллас. – ХІокху зударша бахарехь, божарша молу къаьркъа, амма вайша и молуш вац, цундела кхарна гергахь вайшиъ стаг воций хии суна. Ткъа и воьжна волу стаг меллачуьра ша васта ма-веллинехь, та а велла хьалагІаьттира. И санна долчу хІуманашкахь ма тидахьара, ма алахьара – яц дера-кх къаьркъа малар стогалла-м, стаг воцчо бен и мер ма дац. Іумара (Дела реза хуьлда цунна) аьлла хиллера: Къуръан чохь вахош долу малар бехке дина ду шега аьлча, ша имадиллале хьалха дуьйна а вара и дитина. – ХІунда вара хьо дитина? – хаьттира цуьнга. Іумара жоп делира: – ДогІа деанчу суьйранна цІа вогІуш вара со. Бодашкахь цхьана элан аз девзина, тІеволавелира со. Вехна волуш воьжна вара иза. Ша гІатто хьалаойуш волчу лена тІара тухура цо. Цунах кхера а лой, вукхо охьавожавора иза, юха а ишала вужура эла. Иштта вуьтийла ма дац хІара аьлла, и лай иза хьалагІатто хьаьжча, шениг ца дуьтура эло. Оцу меттехь ойла кхоллаелира сан: оьзда волчу стага мер ма дацара иза, оцу элах лай винарг и малар ду-кха, аьлла. Цу меттехь сайна малар дихкира ас. Дала хьарамдинарг, стаг шен оьздангаллех вохош долу иза, мала мегар дац. Массо а вочу хІуманан корта бу вахош долу малар. Самаволийла и лело гІерташ верг. Маггане а мегар дац маларца эвхьазвала. Дала Къуръан чохь цхьатерра хьарам дина иза зударшна а, божаршна а. ТаІзарш цхьатерра дийр ду царна дуьненахь а, эхартахь а. Дала и таІзар дан хьакъ болчех ма бойла вайн кегийрхой а, баккхийнаш а.
Хаттар:
Іашура дийнахь кхобуш долчу мархех лаций дийца боху. Жоп:
Іашура де вай лелош йолчу бусалба нехан календарца Мухьаррам беттан итталгІа де ду, шеран хьалхара бутт бу иза, оцу дийнахь марха кхабар суннат ду.
Хаттар:
Ламаз деш, марха кхобуш, бусалба дино ма-бохху духар лелош ю ша, ткъа цІийнда молуш а, узуш а ву. Цуьнга и дитийта гІоьртича а, шечух гІуллакх хуьлуш дац. Иштта волу и цІийнда витина дІаяхча къа хир дуй шена,– бохуш, хоьтту.
Жоп:
Ламаз ца деш, марха ца кхобуш болчу нахера дІаяха мегар ду вай зударшка аьлча дукха зударий жерой бевлла лелар бу, оцу кепара олийла дац. Ас дехар дийр дара оцу нахе, цхьажимма самадовла хьовсахьара шу аьлла. ХІунда аьлча, уггар хьалха Дела оьгІазвоьдучу некъа тІе ваьлла иза, ненан бехка кІел воьду иза. Шен доьзал дахарх боккху цо. Ша мича хьоле кхаьчна хьожуш, цхьажимма ойла ян мегар дара оцу къонахчо. Иза молуш ву аьлла дІа а ца йоьдуш, Деле иза воьхуш, ламаз карахь а долуш кечбина кхача цунна хьалха а буьллуш, ша дечу ламазехь иймане валавехьа шен доьзалан да олуш, доІа деш хилар сийлахь ду-кха зудчунна.
Хаттар:
Буьрканех ловзар къилахь ду бохуш хезнера шена, цунах лаций алахьа боху.
Жоп:
Ламазна еш новкъарло а йоцуш, буьрканах ловзар новкъа дац. Амма динна беш эшам а болуш ловза мегар дац буьрканах. Со жима волчу хенахь Къуръан Іамадайта а, жайнаш дешийта а гІерташ, къайлах вовшахвиттина со дас-нанас. Ледарло ялийтича тухуш меттиг а хилла, со велхаозийча нанас олура: – ХІай кІант! Хьан дас хьуна чІогІа туху, хьо лазийча со лазайо. Шина рожехь ма ловзахьа, цхьана рожехь левзича, цІа верзахьа, тІаккха Къуръан деша а, ламаз дан а кхуьур ву хьо. И санна ши раж а лаьцна ца ловзуш, буьрканах ловзарх новкъарло яц.
Хаттар:
Биъ бутт кхаьчча дегІах дІакъаьстинчу доьзалхочунна тІера хьакъикъат дан деза ша я сагІа дала деза?
Жоп:
Биъ бутт кхаьчча дегІах дІакъаьстинчу доьзалхочунна тІера цхьа а хІума дан ца оьшу, цунна тІехь бехкам бац. СагІина хІума яла а ца оьшу, хьакъикъат дан а ца деза.
Хаттар:
Зуда ядор мегаш-м дацара, делахь а, кегийрхой и дечуьра буха ца бовлу. Цхьайолчу ярташкахь лагIделла иза, юкъара барам схьаэцча, цхьаъ бен яцахь а ядош йолу йоІ, оцу йоІана боккха бохам бу иза. Цхьайолчу меттигашкахь гІуданаш а ду кхайкхийна йоІ ядорна, амма таро йолчара, иза хІумма ца хеташ, ядайо. И йоьІарий ида ца байта хІун дийр дара те? Молланаша мах беш ца хилча совцур бацара те зударий идош берш?
Жоп:
Оьзда волчу стага ша нехан йоІаца йолу эвхьазло гучуяккха воьлча, цуьнан метта шен йиша а йолуш, иза нехан стага ядийча шена муха хетар дара те аьлла ойла ян езара. Оьзда стаг, цхьажимма шеца оьздангалла йолуш велахь, бертаза нехан зудчунна тІекхевдар вац. Цундела со даим мостагІ ву цуьнан, со довхо ву цуьнан. ХІунда аьлча, оьздангаллех стаг воккхуш хІума ду иза, йоьІан дахар дохош хІума ду иза. Вай и хІума могуьйтуш хилча, вайх Делан оьгІазло хьаьрчар ю. ШариІатехь билгалдина ду зина даран новкъа бевллачу зудчунна а, боьршачу стагана а хин долу таІзар. Советан Іедал долчу хенахь берхІитта шо кхачаза йолу йоІ реза а йоллушехь иза маре яханехь а, и ялийнарг чувуллура. Тахана вайн Іедало и гІуллакх шен тидаме а лаьцна, юридически бух биллина, цхьа таІзар юкъадаьккхича, цхьана низаме догІур дара вай. Зуда ядийнарг цхьа а таІзар доцуш висийта со реза вац.
Хаттар:
Аллергия цамгар йолуш ву со. Ламаз оьцуш когаш ца билча ца бовлу, со и дича ца мега. Ас хІун дан деза?
Жоп:
Ламаз эцча бен дан мегаш а доцуш, оцу ламазан бехкамашха бехкам бу ламаз карахь хилар. Ламаз оьцуш йила езаш меженаш ю, оцу меженашна тІехь чов хуьлийла, я кхин цамгар хуьлийла – хи кхетча мегаш йоцчу меттиган тІекхаччалц юьлур ю, лазаме йолчу меттигна тІекхаьчча, тема дийр ду лаьттаца (хи доцчу меттигашкахь деш долу тема санна). И латта Дала хи санна цІена лерина. Далла бу хастам, Цо вайна динехь хало йина яц.
Хаттар:
Цхьанна тІера хьаьждан вахаран а, шена тІера хьаьждан вахаран а башхалла юй?
Жоп:
Нагахь санна шена тІера хьаьж дина волу стаг юха шен верасал хьалха Хьаьж-цІа воьдуш велахь, цхьа башхо а яц, цо деш долу нийят бен: «Ас нийят ди оцу хьенехана тІера фарз Хьаьж, Іумрат кхочушдан», аьлла доьхкур ду цо. Бакъду, и доьхкуш хилча беш болу белхаш кІезиг хир бу цуьнан Хьаьж-цІахь, амма цІа веача итт марха кхаба дезар ду цуьнан, Хьаьж-цІахь волчу хенахь уьстагІна урс хьакха а дезар ду цуьнан. Цигахь готта хилар бахьанехь, Іедало хІоттийна массо а меттехь киоскаш ю, ахча схьаоьцуш меттигаш ю, имамо нийят дой, массара а цхьана меттехь урс хьокху. Цул тІаьхьа хьашт долчу метте: мохк бегийначу, цІе яьллачу, тІом хиллачу метте мискачу нахана дІахьажадо и сагІа. Дийнаволчунна тІера доьхкуш делахь, цуьнан даьхнех ша цига воьдуш велахь, цуьнгара пурба даккха деза Хьаьж-цІа воьдуш волчо. Цу езачу меттигашкахь ша доІа дечу хенахь ша Хьаьж деш волу стаг дагалоцур ву цо. Дала товфикъ лойла оцу нахана.
Хаттар:
Хьакъикъатна урс хьокхучу бежанна сакхт долуш меттиг нисло, масала, цхьажимма лерг хадийна долуш. Мухачу барамехь хилча мегаш ду иза?
Жоп:
Хьакъикъатна буьйш болчу уьстагІан, я бежанан, гІурбанна буьйш болчу уьстагІан я бежанан ахькамаш билгалдар цхьатерра ду. Цу тІехь тидам бан дезаш дерг ду лерг мел кІорга хадийна делахь а, тІера дІадаьккхина дацахь, новкъарло яц. Нагахь кхоалгІа дакъа хиллал тІера дІахадийна делахь, мегар дац. Геннара хьаьжча тІера дІадаьккхина ду аьлла хеттал делахь а мегар дац.
Хаттар:
Закат дала аьтто а болуш, ца луш Іаш волчу стеган ламаз къобал ца хуьлу олуш хезнера шена, цунах лаций дийцахьара боху.
Жоп:
Закат далар фарз арканашха цхьа рукна ю. И закат ца даьккхича, вай бусалба динехь нисдалар кхачаме ца хуьлу. Амма ламаз дича ял хир яц бохург дац иза. Бакъду, цуьнан бусалба дина чохь сацар цхьа меже эшна хир йолуш ду. Іелимнахах дага а ваьлла, шен даьхнех закат дала догІий те, нагахь дала догІуш делахь, Дала фарз а дина, Къуръан чохь билгалдина долу закат дІадала деза. Вайн бусалба динехь Дала дина цхьа а хІума дац, адамашна диканиг лехна бен. Даьхни дІаделча со къийлур ву аьлла хила ца еза ойла, Дала хьуна схьаделларг бен дІалойла ма дац. Хьо дІалуш ца хилча, Дала хьуна схьалур ма дац. Сийлахь волчу Дала и закат даларан марзо а, и даьхни цІандар а, вайн яьІна хьалхаяккхар а лойла вайна!
Хаттар:
Чов хилла я цамгар кхетча, рузбане ца воьдуш, цІахь саца мегар дуй? Я шега далучу кепара ламаз дан рузбане ваха веза?
Жоп:
Делан къинхетамца, массо хІуманна шорто йолуш болчу дуккха а бусалба пачхьалкхашкахь хилар нисделла сан. Оцу меттигашкахь баккхий нах шайн гІанташ а дахьаш богІу маьждиге, оцу гІанта тІе а хууш, шайга далучу кепара ламаз до цара. Кхечу нахе санна, шега ламаз ца дало аьлла рузбанах дІахада бакъо йолуш вац цхьа а. Ша маьждига чу вахалуш а велахь, рузба чекхдаллалц цу чохь Іелуш а велахь, шен цІахь санна аьтто а лехна, рузба дийр ду цо. Кхидолу ламаз а санна, фарз ма ду и рузба, хьехаме ладогІаран дуьхьа рузбане ваха веза.
Хаттар:
Бусалба динехь цІийдоттар (переливание) къилахь ду бохуш, цул сов, цІий доьттича, марха духу бохуш хезнера шена. Цунах лаций дийцахьара боху.
Жоп:
ЦІий далар цомгаш волчу стагана гІодар ду, и далар бехкаме муххале а дацара, ял а йолуш маьрша ду иштта шена цІий доттийтар а. Вайн могашалла Іалашъяран дуьхьа лелош белхаш бу уьш. Далла лиъна вай вовшашна гІо деш хилар. Цхьаъ и ду. ШолгІа, цІий даларх марха духур дац, амма шена доттийтича марха дохаран кхерам бу, и марха юха доькхуш кхобур ду цо.
Хаттар:
Цхьаволу стаг, шен хІусамнанас аьлларг а деш, шен дена-нанна а, вежаршна а, йижаршна а дуьхьалволу. Стаг оцу хьоле валар иза лартІахь цахилар ду. Иза меттавалоран Іалашонца хІун дан деза?
Жоп:
Кертахь хьекъале а, кхетам болу а несарий нисбелча, вежарийн барт хилла аьлла вайн дайша. Хьекъал доцуш, ийман доцуш болу зударий керта баьхкича, хьекъале а, доьналле а болчу вежарийн барт бохийна аьлла вайн дайша. Барт беш берш а, и барт бохош берш а зударий бу. Шен хІилланца-говзаллица зудчуьнга дукха хІума дало. ЦІийнден керта ша яхча, цигахь болчеран баха меттиг йоций а хууш, цаьрца таръяла хьажа еза иза. ТІаккха марвежарех накъостий а, марйижарех йижарий а хир бу цунна, эшна меттиг ялахь цунна карор бу уьш. Цхьана ханна ша цІийнда Іехийча, ша тоьлла яьлла моьттуш хуьлу хьекъалдоцу зуда. Цо шена беш берг боккха эшам бу. ХІунда аьлча, церан доьзал кхуьу, шайн ден-ненан юкъаметтиге а хьовсу бераш, цу шимма вовшийн деш долу сий гуш болчу цара иштта сий до шайн ден а, ненан а.
Хаттар:
Цхьана бахьаница стеган меже яккхар нисло. ДегІах дІакъаьстина йолчу оцу меженах хІун дан деза?
Жоп:
Иштта хьал нисделлехь, и меже ерг дийна велахь, йила а йилина, кІади а хьарчийна, цІеначу, экха тІекхочур доцчу метте лаьттах йолла еза, зиярте оьху бохуш тІеэха оьшуш дац цунна, барз а бийр бац цунна тІехь. И стаг дийна велахь, дІаюллуш йолчу цуьнан меженна докъа ламаз дийр дац. И стаг веллий а хууш, дакъа кара ца деш хилча, зама а яьлла цуьнан цхьа меже карийча, мел жима и елахь а, дакъа лийчош санна цІанйийр ю иза, кІади хьарчор ду цунна, марчо хьарчош санна.
Хаттар:
Больницашкахь хан токхуш болу нах дукхахьолахь ламазаш ца деш хуьлу. Цара ламаз ца деш кІира а, ши кІира а дала тарло. Оцу хенахь церан балар нислахь, Далла гергахь и муха хир ду?
Жоп:
Вайн ницкъ кхочуш боцчу хІуманна Дала вайна гечдина, амма бакъду, стаг кхетамчохь а волуш, цунна ламазан хан хиллий а хууш, къилба муьлхачу агІор ду а хууш хилча, ламаз тІера ца долу цунна. Цундела цомгуш волчу стага, шега охьахиъна далахь, охьахиъна дийр ду, охьахиъна далуш вацахь, вижина Іуьллучохь дийр ду ламаз. Дала вайна еллачу бакъонех ирс а оьцуш, и шайн леш волу стаг декъала хинволу некъ лахахьара цунна гонаха хьийзаш болчара, шайна пайде дерг а ца лохуш. «Ву дера хьо цомгаш, ахь дуккха а дина ламазаш, хІинца ІадІен мегар ду» аьлла, и Іадвита атта ду. Цуьнга ламаз а эцийтина, цІано а яйтина, къилбехьа а верзийна, шен ма-хуьллу иза декъала хин волу агІо ян хьажа веза. Шена иштта ял лаха хьажахьара гонаха хьийзаш верг. Цомгаш хиларца цунна ламаз тІера долуш ду вайна моттахь а, мел хала цамгар цуьнгахь елахь а, нагахь санна иэсехь и велахь, ламаз тІера долуш дац цунна. И стаг мел онда велахь а, цуьнан кхетам бацахь, ламаз дац цунна тІехь. Нагахь санна цомгуш волу стаг вала гергаваханехь, чохь дуьненан къамелаш а ца деш, цуьнан ойла Далла тІейоьду агІо ян еза, тІаьххьара цуьнга Делан цІе яккхийтархьама.
Хаттар: Кхоччучу барамехь шен дегІана дола далуш воцчу стаге цунна гІо а деш ламаз эцийта мегар дуй? Жоп: Мегар ду. ГІора доцчуьнга куьг а, ког а, юьхь а юьлуш ламаз эцийта, хьалха шен куьйгаш цІан а дина, нажжаз дуй а хьожуш.
Хаттар: Нагахь санна чохь ламаз эца гІо дан боьрша стагана кхин накъост вацахь, хІусамнанас я несо ламаз оьцуш гІо дан мегар дуй цунна, и ца дича цуьнан ламаз юкъара долуш хилча? Жоп: Вайн дайша олуш хилла: ниІматах ниІмат ду да кхаба воІ хилар, нана кхаба йоІ хилар. Чохь йолчу несо ламаз эцийта мегар дуй аьлча, мегар ду дера-кх, несах кхетча ламаз духуш ма дац. Цу тІе, несана ял а хир ма яра цуьнга и ламаз эцийтарна. Вайн ШафиІи мазхІабехь зудчух кхетча ламаз духуш ду. Цунна тІе а доьгІна аьлча, маьрша цхьа некъ бу: шен куьйгах бехчалг хьарчийна, я каранаш доьхкина ламаз эцийтича. ТІаккха Хьанафи мазхІабна тІетовжа а ца езаш, цуьнга ламаз эцийта бакъо ю хІусамненан. Цомгаш болу нах динехь нисбеш, царна гІо дан ийман а, собар а лойла Дала царна гонаха хьийзаш болчарна.
Хаттар: Зудчух ши бутт я кхо бутт кхаьчча дІакъаьстина волу доьзалхо дІавуллуш хІун дан деза? Жоп: ШафиІи мазхІабехь ду вайн къам, Дала цу чохь нисдалар лойла вайна! Вайн мазхІабехь дуьненчу долуш беро мохь хьаькхча и дийна хиларан билгало ю, иза лийчор ду, докъа-ламаз дийр ду цунна, воккха волуш веллачу стагана санна марчо а хьарчор ду цунна. Чохь са доцуш бер цуьнан дуьненчу даьллехь, лийчор ду, марчо хьарчор ду, амма докъа-ламаз дийр дац. Кешнашка дІадуллур ду, дечиг йоьгІна, тІулг боьгІна, цхьа билгало йийр ю, цигахь кхечунна каш ца даккхийта. Биъ бутт кхаьчначул тІаьхьа дегІан сурт эцна ца Іаш, берана чу са кхуллуш ду боху шариІато. Биъ бутт кхаьчначул тІаьхьа ненан дегІах и бер дІакъаьстинехь, чохь са доцуш и дуьнентІе даьллехь а, Хьанафи мазхІабехь докъаламаз до. Дала нийсачу новкъа дохийла вай!
Хаттар: ЦІийнден а, хІусамненан а барт ца хуьлу, ша хІуьттарена юьтур яц иза бохуш дуьхьалволу стаг. Къедас а, имама а бохург ца до цо, ша ца йитича, маре яха бакъо яц цуьнан бохуш. ТІаккха и зуда даим цІахь Іен еза я кхин некъ бу цигахь? Жоп:ШариІато зударшна а, божаршна а шайн-шайн бакъонаш елла. Зударийн бакъонаш эшош, божарийн бакъонаш совйохуш зударий ирсах бохор динехь дац. Оцу доьзалехь уьш дІасакъастар бен кхин некъ гуш бацахь, и зуда ца юьтуш дуьхьалваьлла цІийнда а хилча, къеда бакъо йолуш ву иза йита. ТІаккха маре яха бакъо хир ю оцу зудчун.
Хаттар: Зуда ялочу я зуда юьтучу хенахь оцу юкъахь лела везаш волу молла зудчун агІор я майрачун агІор хилар башхо юй? Жоп: Оцуьнан башхо а яц, цхьана меттехь бен – зуда тайпанехьара мах бан стаг воцуш елахь, и зуда тІеяханчу юьртара моллас бийр бу мах. Вай долчохь лелаш долу Іадат иштта ду, ткъа мага муьлххачо бича а мегаш ду. ШариІато ма-бохху, шариІатан ахькамаш тергал а еш болх бича, муьлххачу моллас а и мах бан мегаш ду.
Хаттар: Цхьамма декхар даьккхича, юха иза дІа ца луш хан яьлча, декхар деллачо, нах а оьций, буьйсанна чулелхаш и шен декхар схьадаккха гІерташ зуламаш деш меттигаш хуьлу, цунах лаьцна дийцахьара боху. Жоп: Гатвеллачу стаге гІо деш декхар далар оцу стагана даьхни делла гІо дича санна ял йолуш ду Далла гергахь. И декхар юхадала хала хуьлу. Цундела декхар луш волчунна ша иза хьаьнга ло а, и схьаоьцуш волчунна шега иза дІатакхалур ду я дац хаа деза. Декхарх лаьцна Къуръан чохь аьлла, нагахь санна стаг гатвеллехь, декхар дІадала таро йоцуш велахь, цунна ницкъ ма бе, таро хиллалц вуьтийла иза. Маггане а мегар дац ницкъаца коча гІерта. Хийла меттигаш нисъелла, и декхар схьадаккха а гІоьртина, стаг вуьйш. ШариІатехь бакъо йолуш дац и декхар зулам а деш схьадаккха гІертар.
Хаттар: Нана а, бер а вовшахкъастарх лаций дийцахьа. Жоп: Доьзалехь барт ца хилча – доьзалехь ирс а хир дац, ирс дацахь, вахар а дац. Шайн доьзал тІекхиа боьлча, даснанас, шайн дахаран хьалха хиллачуьнга а хьаьжна, куц хийца деза, шайн дахар оцу доьзалан дуьхьа хьовзо деза, шайн дезарш, шайн деган лаамаш тІаьхьа а теттина, оха ца дича тхан доьзалан дола хьан дийр ду боху ойла ян езара. Уггар хьалха оцу зудчо ойла ян еза, ша берех яьккхина йитаран хІун бахьана ду те, мичахь галъяьлла хилла те ша, аьлла. Берриге а бехк цІийндена тІе а ца буьллуш, цунна а ма хета шен берех къа. Берана нана оьший ма хаьа цунна. Доьзалан дуьхьа дуккха а хІуманаш тардалийта гІерташ, вовшашна гечдеш хила дезаш ду да-нана, кхидерш тІаьхьа а теттина. Дала барт болуш дахар лойла царна!
Хаттар: Доьзалхо воцуш ю ша, марвешига доьзалхо вехча, цо иза ца ло. ТІаккха ша арара бер далийна и кхаба мегар дуй? Жоп: Шен доьзалхо вацахь, вайн дайша хьекъале лерина чоьхьарчеран бер кхабар. ХІунда аьлча, эхь-бехк оцу цІийнан, оцу тайпанан хилар лехна цара. Иштта нислуш дацахь, къанвелча шега хьажа, цхьанхьара вала а вина, цо доьзалхо кхабахь, ял йолуш хир ду. Бакъду, цигахь шен бехкамаш бу, цундела моллига хаттар деш хила веза, хІун бакъонаш ю хьожуш. Арахьара тІедалийна долу бер Іедална гергахь «усыновить» дарх, шариІатехь дуккха а бехкамаш бу. Нагахь санна и бер долчу зудчо шен некхан шурица иза кхаьбна дацахь, ворхІ шо дуьзначул тІаьхьа оцу берах ненан куьг кхетча, цуьнан ламаз духур ду. Да-нана доцу бер кхабар, цуьнан дахар ирсе хилийтар Делера ял йолуш ду. Вайн къомах доцу бер дала и дина, иза бусалба дин чохь нисдахь, шиъ ял хир ю. Иза Дала вайх бина Шен къинхетам бу.
Хаттар: Шен дагахь «бусалба нахана гІо дийр ма ду ша» аьлла нийят дина хилча, Дала шена гІо дийр дуй бохуш хоьтту. Жоп: Дала вайга боху: «Шайн дагахь дерг дан а дина гучудаккхахь а, гучу ца доккхуш дагахь хьулдахь а, хьесап деш ву Ша». И дика дан стеган ойла хилла, амма и кхочушдан ца ларийча, хьадис ду: «Массо а стеган цуьнан нийят дерг ду». Вуьшта аьлча, дикачу ойланца стаг аравалар бахьана долуш, Дала ял язйийр ю цунна.
Хаттар: Ша тайнигийн театрехь болх беш ву, берашна спектаклаш гойтуш. Иза мегаш дац олуш хезнера шена. Цунах лаьцна дийцахьара боху. Жоп: Берийн а, баккхийчеран а самукъадаккха гІерташ волу и стаг бехке хир вац. Амма цунах пайда а беш, дин сийсаздеш, дин лелочеран сий дайъа гІерташ велахь, цу агІор забарш ян мегар дац. Берийн самукъадаккхар дика ду. Делан Элча (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) ша паргІат волчу хенахь, шен доьзалера бераш тІе а гулдой, цаьрца ловзуш Іийна меттигаш ю. Берийн самукъадаккхар деза ду. Далла дезнарг бен Элчано (ІалайхIи-ссалату ва-ссалам) лелийна дац. Сийлахь волчу АллахІа вовшийн делхор ца луш, вовшийн делор лойла вайна!
Хаттар: ЦІийнда воцуш ю ша, шен долахь туька ю, цу тІера налог ю ша токхуш. Закат дала дезий ша? Жоп: Туьканна тІера дІалуш йолу налог Іедалан низамехь схьаоьцуш ю, шен балхана тІера бол балар санна хІума ду иза. Налог дІаяларх, закатах хьалхавер вац. Доьзал мел боккха белахь а, цуьнан даьхни закатан барамехь делахь, закат дала деза, шен доьзална кхачам хиллачул тІаьхьа. Іелимнахах дагаволуш закатах долу хІума талла деза. Закат – динан арканашха цхьа рукна ю, вай закат луш ца хилча, кхийолу Іамалш ярх, вайн бусалба дин дуьззина ца хуьлу. Закат дала деза доьзал боккха белахь а, боккха бацахь а, хьан даьхни кхочушхилчахьана.
Хаттар: Машен эца ахча гулдеш ву ша, оьшучу барамехь гулделла дац, и гулдеш шо зама яьлла хилча, закат дала дезий? Жоп: Цхьа хІума эца ахча гулдеш хьо велахь, иза эццалц йолчу хенахь цунах закат ца догІу аьлла дац шариІатехь. СагІина хІума луш баьккхина кад, тІехъоьхуш бузаза Іийр вац ша аьлла, Дела Шена тІелаьцна ву. Вайн даьхнех вайн беркат совдалийта, гІийла-мисканиг хІума йоцуш ца висийта, хьалдолуш болчу нахе шайн коьмаршаллица гІо дойтуш ву Дела. Комаьршо хен бу, ялсамани чохь баьлла болу, цуьнан гаьннаш дуьнен чохь ду, оцу генашха тасавелларг ялсаманехь долчу орамаша дІаозор ву, – боху вайга. И хьелаш вайга схьадуьйцуш хилча, комаьршо ян езара, и рицкъа Дала шена схьаделла хилча. Дела Хьуна хастам бу, Ахь хІара ниІмат суна даларна, Ахь Къуръан чохь фарз хиларца билгалдина долу хІара закат доккхур ду-кха ас аьлла, шен бахамах воккхавеш дала деза иза.
Хаттар: Закат луш хилча, дакъа цхьана стагана я шинакхаа стагана далар башхалла йолуш дуй? Жоп: Шайна закат догІуш долу адамаш жайнахь билгалдина а, дийцина а ду. БархІ дакъа ду уьш: мисканаш, къенаш, дан хІума доцуш бисина нах, гІорасиз болу нах, таро йоцу нах. Царна массарна а кхачаде аьлла ду закат. Массо а вацахь, болуш болчарна кхачийча а мегар ду. Нагахь санна цхьанна кхоччуш гІо хилийта лууш велахь, цунна делча тІера дер ду закат.
Хаттар: Кешнашкахь стаг дІавоьллинчохь доьгІна долу чурт куц хаздеш хийцарх лаций дийцахьара боху. Жоп: Шен стеган чурт нехачул хаздан гІерташ верг даьхни исрап деш ву (эрна дойуш). Даьхни исрап дар Далла дезна дац. Чурт догІар – иза стаг дІавоьллина меттиг билгалъяккхар ду, гергарчу нахана тІебахка и меттиг йовзийтарна, кхин хІумма а дац. Масала, дечиг кагъелла дІаяьллехь, тІулг, боьхна, дІахаьрцинехь, билгалонна аьлла чурт догІарх цхьа а новкъарло яц. Амма шен цІийнан охІланна гатто а еш, эшам а беш чурт догІа мегар дац.
Хаттар: Дела реза хуьлу некъ лело гІерташ ю ша, амма хІума яар а, кхидерг дар а аьрру куьйгаца хуьлу шен. Цунах лаьцна дийцахьара ахь. Жоп: Далла бу хастам, вайн хьашташна оьшуш йолу меженаш елла волчу! Пайхамара (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вайна билгалдина: «Аьрру куьйгаца аша рицкъа ма дуийла, аьтту куьйгаца бен. Аьрру куьйгаца аша йиъна йолчу хІумано деш долу зен хиъча, иза логах чуяхале, куьг а дахийтина, оззийна схьайоккхур яра». Оццул беркат кІезиг долуш ю аьрру куьйга йиънарг, нагахь санна цуьнан аьтту куьг болх беш делахь, ткъа иза болх беш дацахь, новкъарло яц. Муьлхха а деш долу хІума аьтту куьйгаца дойла. Хьалхалерчу Іелимнахе ладегІна ву со, цара олура: «Нагахь санна и хьалхалелхаш Іаш дацахь, и куьг кІел а диллина, цунна тІехаа». Этикет хьоьхуш болчу наха шаьш гІиллакх Іамадо бохуш чІагІдо, амма и дерриге а дин дацарна тІера схьа ду. Бусалба стага ша мел дечу гІуллакхехь аьтту куьг хьалхадаккха деза. Хаттар дина зуда дин лелош а йолуш, цуьнан и аьрру куьг хьалхалелхаш хиллехь, Дела вай ор чу туьттуш вац, Дела вай оцу ор чу ца дахийта гІерташ, схьаийзош ву, Дала мукъалахь, гечдийр ду цунна. Дала ларъялар лойла цунна!
Хаттар: Цхьаболчу наха цамгар дІаяккхаран Іалашонца жІаьлин а, чен а жижиг дуу, хьакхин даьтта а леладо, цунах лаций дийцахьара боху. Жоп: Цомгаш волу массо стаг дарбане сатуьссуш хуьлу. ЧІогІачу лазаро тилавой, ца хууш дийцинчуьнга ладугІуш хуьлу иза. Элчано (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) аьлла: «Нажаз йолчу хІуманах дарба хир дац». ЖІаьла а, хьакха а Дала хьарам йина ю. Царах дарба дан а гІоьртина ша лахь хІун дан воллу те и стаг? Царах дарба хир дац. Дарба Дела реза волчу хІуманех, Дала хьанал диначу дааршкахь лаха деза. Цомгаш болчу нахана Дала могашалла лойла!
Хаттар: Цхьаболчу лоьраша цамгарх ларвалар хир дара олу 50 грамм вахош долу малар мелча. Цунах лаьцна дийцахьа. Жоп: Къаьркъанца а, чагІарца а, спиртца а дарба хир ду моьттуш и дийцинчарна а, дийцинарг схьаэцначарна а Дала кхетам лойла! Мегаш дац маггане а! Маларца вахор ду, цхьана ханна цо лазар дайдийр ду. Амма юха тІейогІучу хенахь хьалха хиллачул а чІогІа дазлур ду иза. Иза цхьаъ ду. ШолгІа, Делан оьгІазло хир ю цунна. Дарба Делехь ду, вайна юкъахь болчу лоьрех дага а волуш лело деза иза. Лоьраш а ма бу хаза бусалба дин лелош.
Хаттар: Хьалха, вайна тІехь советан Іедал долчу хенахь, бусалба дин лелор дихкина доллушехь, цхьаболчу вайн баккхийчу наха лелийна иза. Таханалерачу дийнахь дин лело йоккха паргІато ю вайна, амма цхьаболу кегийрхой дастаме лела. Цунах лаций алахьара боху. Жоп: Уггар хьалха ала лаьа суна: дин лело паргІато йоллушехь тахана дин лелош берш хьалхачул кІезиг бу бохург ас бакъ ца до. ХІор дийнахь дерриге а маьждигаш дузуш ду кегийрхоша. ХІор дийнахь вайна хьехамаш бо телевиденехь, радиочухула. И хьехамаш беш берш дешна болу вайн кегийрхой бу. Дала шайн Іилманехь кхин а совбохийла уьш! Оцу хьехамашкахь кІезиг бу гІиллакхах, оьздангаллех, денненан юкъаметтигех лаьцна дуьйцуш берш, амма уьш бан а бац олийла дац. Тахана оьшуш дерг хІун ду аьлча: вайна юкъара дІадевлла долу гІиллакхаш карладахар, воккхачун жимачух болу къинхетам а, жимачун воккхачух болчу лерамах а лаьцна дийцар. Жабраил-малик (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) шена тІе мосазза догІу вайн Пайхамар (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) хьалагІоттуш хилла. Иштта лерам шена бан безаш бу моьттина Жабраил-маликна (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам). Цхьана дийнахь Дала вицвалийтина Элча (ІалайхІиссалату ва-ссалам) маликна хьалагІатта. Шена тІедеана Жабраил-малик кхоьлина дайра Элчанна (иза адамийн суьртехь догІуш хилла цунна тІе).
– ХІай, сан тешаме ваша, хІай Делан геланча, хьо тахана ма кхоьлина го суна, хІинццалц санна самукъане ма дац хьо, – хаьттина Элчано (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам). – Вайшиннан юкъаметтиг эвхьазаяьлла моьтту суна. Ша хІинццалца тІе мосазза догІу, шен лерам беш, хьалагІоттура, амма хІинца ца гІаьтти хьо, – олуш, шен дегабаам гучубаьккхира Жабраил-малико. Аьлларг хезча, Делера салам хилариг велакъежна (Элча мохь тоьхна велавалар долуш ца хилла). Цо хаьттира Жабраил малике: – Дийцахьа шена, Адамера дуьйна схьа муьлхачо муьлхачун лерам бан безаш бу? – Жимачо воккхачун лерам бан безаш дар-кха, – аьлла Жабраила (Делера салам хуьлда цунна). – Ткъа вайшиннах воккха мила ву, шераш мел ду хьан? – аьлла, юха а хаттар дина Элчано (ІалайхІи-ссалату вассалам). – Шен мел хан ю хаац, амма шена байна кхузткъе итт эзар шарахь цкъа гучуболуш болу седа кхузткъе шийтта эзарза гучуболуш, - жоп делла Жабраил-малико ( Делера салам хуьлда цунна). – Ша пайхамар вина ваийтина волчу Делах дуй буу ша, и хьуна кхузткъе итт эзар шо даьлча цкъа гучуболуш болу, хьуна шовзткъе шийтта эзарзза гина болу и седа ша ма бара! – аьлла Элчано (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам). Эццахь хиъна Жабраил-маликна шеца Элчано лелош дерг гІиллакх хиллий, Дала кхолларехь иза шел хьалха ваьккхина хиллий.
Вайна юкъахь гІелделларг гІиллакх ду, гІиллакх дІадаьлча, ийман дІадолу вайн. Вайн Іелимнаха шайн хьехамаш алсамбохуш, хаза гІиллакх – иза дин дуй хаийта деза. Дала мукъалахь, вайн дин де мел дели чІагІлур ду!
Хаттар: Ша дукха хенахь дуьйна ламаз деш вара, Іелимстагах дагаваьлча, ша деш долчу ламаз тІехь дукха гІалаташ гучадевлла шена. И гІалаташ долуш дина массо ламаз доькхуш дан деза ша? Жоп: Элчано (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) аьлла: «Къематде тІехІоьттича уггар хьалха вайга хотту дерг ламаз ду, и ламаз магадахь кхийолу Іамалш, цуьнга а хьаьжна, магор ю. И ламаз вайн мегаш ца хилахь, кхийолу Іамалш цуьнга хьаьжна, йоьхна хир ю. Динан бух ламаз хилча, и Іамор декхар ду ша бусалба ву бохучу хІоранна а. Дала къинхетам баран бахьанехь девзина оцу стагана шен гІалаташ. Цу шинна а Дела реза хуьлда! Дела вайн даге хьоьжуш ву, иймане хьоьжуш ву. Ламаз дан гІиртина иза шена ма-хуъу, Дала мукълахь, и зен хилла довр дац цуьнан, амма цо уьш доькхуш юхадахь ял хир ю цунна. Цхьа а вац ша дина ламаз, Дала къобал а дина, дІаоьцуш ду аьлла дан тоьшалла долуш. Дела реза хуьлда и ламаз декха луучунна, декха бакъо ю шун, декхча дика а хир ду шуна. Кхин тІе а: уьш декха нийят а долуш, волавелла а волуш, уьш дерриге декха ца кхуьуш цуьнан валар нислахь, уьш декхча санна ял хир ю цунна. Дала ийманехь соввоккхийла иза!
Хаттар: Шен дахарехь ийман гІийла хилар бахьанехь фарз-марханаш кхабаза дисина шен. ХІинца уьш декха лаара, амма кхабаза мел дисина ца хаьа шена, ша хІун дан деза? Жоп: Дала фарз дина тІедиллина долу марха а, денна дуьхьал де долуш, декха дезаш ду. ТІаккха бен тІера дер дац. Нагахь цунна ша мел дитина ца хаахь, ледарло йоцуш, шена хеттарг схьа а лаьцна, марханаш кхаба дезар ду. ХІор мархийн шо юккъедаларан барамехь сагІина ялта дала деза, масала, цхьа шо даьллехь, цхьа кана, пхи шо даьллехь, пхи кана ялта. Дала кхетам лойла нисвала луушволчунна! Кхин цхьа хІума а ду – де деха долуш кхабаза дисина марха де доца долчу хенахь декха мегар ду.
Хаттар: Нана дІа а яхийтина, дас ялийна йолчу дестечунна хІун хьакъ дІадала деза? Жоп: Нана елла я дІаяхийтина ялийна йолу десте тайптайпана нисло, амма цуьнга хьаьжна ца Іаш, дас терго ян еза доьзалан. Нагахь санна доьзал боккха а болуш десте ялийна елахь, цуьнан кегий бераш тІекхиънехь, уьш берриге вовшашца тарбала беза. Вовшийн ларар церан ледара делахь, тІекхуьуш болчу доьзалан а, бухахь хиллачу доьзалан а барт хир бац. Масала, тхан деда сакхт стаг хилла, кхиош мутаІеламаш а болуш, цІе яххана Іелимстаг хилла иза. Цуьнан шолгІа зуда йоьІан дас долаяккхахьара аьлла схьаялийна яра. Оцу шолгІачу зудчо вина ву тхан да а, Ахьмад-Хьаьжин да а. Вукхеран нана елча, шен нанас уьш кхачанна тІехь ледара битарна кхоьруш, цаьрца бен охьахууш ца хилла тхан да. Цо дина цхьа хІума тхан юьрто а дуьйцуш дара. Цхьана дийнахь (нах хала бохкуш зама хилла иза) котаман гІогІ а дуьллуш, шун хІоттийна хилла тхан дена хьалха. ХІусамехь цул воккхахволу ваша хилла, Жабраила хаьттина: – Салман, хІума йиъний ахь? – Йиънера цо-м, йиънера, – аьлла жоп делла нанас. ТІаккха тхан дас кор а диллина шун аракхоьссина. – ХІинцачул тІаьхьа, сан вешех къаста а дай, гІогІ ма диллалахь суна, – аьлла. Доьзалехь вовшашца лерам а, гІиллакх а хила деза. Юьхьанца оцу дас хІоттадо и низам, шен доьзалан а, хІусамненан а юкъаметтигашна тІехь терго ян езаш ву иза.-
Хаттар: Цхьаволу цомгаш стаг, масала, йовхарийн цамгар - ун дерг шех нахана иза яларх ларлуш хуьлу. И цамгар йолу стаг маьждигашка ваха, адам алсам хуьлучу кхечу меттигашка лела мегар дуй? Жоп: Шеца и лазар долчу стагана а, зудчунна а хаа дезара ша ларвала везий. Вайн гІиллакхашца догІуш дац цомгаш вара аьлла стаг чуцаваийтар, цо бер хьаьстича, цуьнга и ма хьаста алар. Цундела цомгаш волу стаг ша ларлуш хила веза и цамгар кхечарна яларх. Дала ларбалар лойла царна!
Хаттар: ЦІийнда вала а велла, бай кхобуш Іаш ю ша. Оьшучу хьажош оцу берашна луш долу пенси ду шен, кхин тІедогІуш рицкъа цахиларе терра. И ахча иштта дайа мегар дуй? Жоп: Делан Элча (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) волчу хенахь тІемашкахь гІазот доккхуш дукха нах бойуш хилла. Церан доьзал зудчо, дедас, девашас кхаба дезаш хьелаш хІоьттича, Элчано (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) церан къаьсттина яахІума хила еза аьлла сацам бина хилла бусалба динехь. Иза халчу даьлча, гергарнаш, ша-ша волуш, иза тІеэцарна дуьхьал хилла. Элча (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) Делан лаамца бен вистхилла вац. Дала цуьнга юха а омра даийтина доьзалан хьашташна эшам ца беш, царна догІуш долу рицкъа эдина лело мегар ду аьлла. Цул тІаьхьа паргІато яьлла бай лелорехь долчу гІуллакхна.
Хаттар: Доьзалхо кхиош долчу дена- нанна доккха хилча и бер муьтІахь доьзалхо хилийта, ийманехь, махкана пайдехь хилийта хІун дан деза? Жоп: Шайн доьзалхо дуьнен тІе ваьлча, дас-нанас шайн дахар хийца деза. И доьзалхо церан гергарлонна бина шад бу. И доьзалхо кхиа воьлча, дас а, нанас а вовшашца болу барт гайта беза, царна масал хилийта. Дас-нанас вовшийн сий деш ца хилча, беро цу шиннан амал схьаоьцур ю. Бер доккха хуьлуш нахана юкъадала доладелча, цо хІун леладо те, самукъа муха доккху те, шайн бераца чувогІург мила ву те олуш къайлах-къулах Іуналла деш, терго латто еза. Къинхетаме волчу Дала оцу кеппара тидам а беш доьзал кхиор лойла вайна, ийманехь, махкана а, халкъана а пайдехь болуш!
Хаттар: Ламаз карахь а доцуш Къуръанан аят деша мегий? Зударийн цхьа хан йогІу ламаз дан йиш йоцуш, оцу хена чохь цара массо а хІума дита деза? ХІун Іамал ян мегар ду цара? Жоп: Ламаз карахь а доцуш Къуръанах куьг ма тухийла аьлла Дала дина омра ду. Къуръанан сураташ, аяташ деша мегар ду дегІ цІена делахь, фарз лийчар а доцуш. Ламаз дитина болчу зударшна Къуръан деша мегар дац, азкараш яло мегар ду. Цхьа хІума долош а, новкъа воьдуш а, кхечу хьелашкахь а Дела реза волу дешнаш ала мегар ду.
Хаттар: Велларг дІаволларна гонаха къийсамаш хуьлу, барт буху нехан. Цунах лаций алахьара боху. Жоп: Кишин воІ Кунта (Дала къайле тойойла цуьнан) волчу хенахь лелла доцу хІуманаш дуккха а ду. Зама дІаэхаре терра, куьцаш хуьйцуш меттигаш а яьхкина. «Шех лаьцна дуьйцуш берш дуккха а хир бу», – аьлла Хьаьжас. Адамийн барт бохош юккъе туьссуш долу хІуманаш – уьш динехь дац, ХІокху чу бусалба дин деачахьана тІелаьцна Іадаташ дохош ду. Шаьш кешнашкара духадерзале зуькар де аьлла Хьаьжас. ТІе латта хьакхале зуькар дан деза бохуш чІагІдо цхьаболчара. Бусалба динехь болчеран барт бохо бахьана дац иза! Имам ГІазали волчу заманахь цхьаболчара ткъа ракаІат, вукхара шийтта ракаІат ламазаш деш хиллера тархь дарехь. Муьлха нийса ду хаьттина хиллера ГІазалига ( Дала къинхетам бойла цунах). Шега хаьттича, маьждиг дІакъовла дезара аьлла жоп деллера ГІазалис. Нах цецбевлча: «Тархь – иза суннат-Іамал бен яцара, вовшашца барт бе бохуш долу Делан дош дохош долчу шун тархьах хІун до?» Дала боху: «Дела цхьаъ вина, Пайхамар бакъвина берш вовшийн вежарий бу шуна, вовшашца йолу юкъметтигаш тоелаш, ийгІина, дІасакъастий ма Іелаш. Делах кхералаш, тІаккха шу декъал хир ду шуна!» Дала бусалба нахах дозуш хилар лойла вайна!
Хаттар: Ламаз а, марха а лардеш ву ша, амма наггахь ойланаш йогІу коьрта чу: Дела муха ву те, Къемат-де муха ду те, бусалба вуй те со олий, шеконаш хуьлу сан. Цунах кхетам лахьара. Жоп: Кхетам болуш волу хІор стаг аренах, малхах, лелаш долчу хих бІаьрг тоьхча, Іаламан хІоттаман, де-буьйсий нисдаларан ойла йича, шен дегІан балхе хьаьжча Дела цхьаъ хиларна тІенислур ву. Шеконаш даг чу лелхаш хир ю. Ийманехь нисвала, соввала къахьега деза, ша шеца тІом бан беза. ХІара дегІ вайн мостагІ ду. Къуръан чохь аьлла: « ХІара вайн догІмаш массо а вочу хІуманашца омра деш ду». Вайн дегІана шайтІанна дезаш дерг деза – дин тесна дитар. Цундела Далла Іамал дукха ян еза. Гонахарчу дерриг Іаламан тидам а беш, цхьана сохьтехь Делан белхан ойлаяр шарахь динчу Іибадатал деза ду Далла гергахь. И Дела цхьаъ хиларна тІенисвеш долчу хІуманца некъ а беш, динехь чІагІвала веза стаг. МостагІчуьнца беш болчу тІамал хала бу шен дегІаца беш болу тІом. Дала цу тІехь толамбаккхар лойла вайна!
Хаттар: Иссазза цІе тесна йитина хьо аьлла, ша шен зуда йитинера. Цул тІаьхьа масситта шо даьлча иза юхаялийна ша, бакъду, кхечанхьа кхин маре яхана яц иза. Цунах лаций алахьара боху. Жоп: ШариІатехь бакъо йоцург ду цо динарг. Иза юхаялаяле хьалха хатта дезара. Ша оьгІазваханчохь исс а, маситта цІе тосий а юьту зуда, зудчунна кхоъ бен цІе таса йиш яц. Оцу кхааннах кхоъ а цхьана меттехь теснехь, кхоь а южур ю. ТІаккха юхаяло мегар ду аьлла цІа ялийна волчо ша лур ду цунах жоп. Ма дийла эвхьаза! Зуда йита ма йита, дов даьллехь, вовшех садаІа, ойлае, дохкодовлий хьовса. Ша иза юхаялийначул тІаьхьа хетта ца дезара цо иза. ХІинца хІунда хоьтту? Иза юхаялаяле хьалха хууш волчу Іелимстагах дагавала везара.
Хаттар: Зудчун корта баша мегар дуй? Жоп: Зударийн хазаллех лерина ду еха мас лелаяр, божарийн хазаллех лерина ду маж лелаяр. Масала, цхьа цаторруш йолу цамгар яьлча мегар ду корта баша. Зудаберан ворхІ шо кхаччалц хІор шарахь корта башар дика ду.
Хаттар: Шен цІийндена муьтІахь хила гІерташ ю ша. Амма иза де-буьйса, ши де-буьйса доккхуш балхахь хуьлу. Цуьнгара пурба доцуш ша араяла мегар дуй? Жоп: Чуьра араяларна цІийнден пурба хила деза бохург – иза ду оцу цІийнден лаамашна кІел и зуда саца еза бохург ду. Мегар ду, цІийнден шеко йолчу новкъа ца лелчахьана, оцу цІийндас ша цІахь а воцуш хьо араялахь мегар дац аьлла бехкам бина хьал дацахь.
Хаттар: Ша ламаз дечу хенахь фатихьа я аттахьийят хаза а хезаш доьшуш хилча, совнаха йолу ойланаш коьрта чу ца йогІу шена. Цунах лаций алахьара боху. Жоп: Ша волчу меттехь ламаз деш волчу стага и чІогІа дешча ша соввоккху моьттуш хьал делахь, и чІогІа дешарх новкъарло яц.
Хаттар: Ша нехан цІен тІехь йолу дуккха а хан ю. Шен доьзалхо вац. И цахиларан бехк цІийнден бу. Шен цІерачара кхечанхьа меттиг лаха бохуш хьийзайо ша. ТІаккха ша цигара цІа а еана, кхечанхьа маре яха мегаш дуй шариІатехь? Жоп: Оцу зудчунна доьзалхо везар бехке дац. Амма цуьнга дІаяхча шариІатехь хьо бехке яц алале кхин цхьа хІума дІахьеда лаара суна – шиммо а цхьабарт бай, дарба лахахьара аша, Дала шайна и совгІат лойла хьажахьара. И зуда бехке яц, и стаг ша бехке вуй а хууш дарба ца лохуш Іаш велахь, цуьнга ша, йитий, дІаяхийта ала бакъо ю цуьнан.
Хаттар: Веллачуьнгара хьал хаьа шайна бохуш нах бу. Бакъ дуй иза? Жоп: Сайна хууш долчунна бен жоп лур долуш вац со. Суна эхартан хьал ца хаьа. Ас шариІат Іилма Іамо гІерташ къахьегна, амма со эвлаяъ а вац, шайх а вац. Цхьаболчарна гІенах иштта хІуманаш дуьхьалхІуьттуш хила тарло. Къайленах долу хІума ца хаьа суна, ас оцу шариІат чохь долчу хІуманах нийса жоп лур ду. Бакъдерг аьлча, дІабоьхкинчарах цхьа а цІа веана-м ца гина суна.
Хаттар: Больницера кеман тІехь цІа ялош аэропортехь ялар нисделла шайн ненан. Цунах дагахьбаллам бисина цІерачарна, больницехь йитинехь, цунна гІоли хир яра, бохуш. Цунах лаций дийцахьа. Жоп: Дуьнен чохь йоккхуш йолу зама хан тоьхна ю. Ткъа Іожаллаш бахьанашца ю. Шу халчу ма хІуьттийла. Цара иза больницехь йитинехь а, хІокху дуьнен тІехь мел волу лор валийнехь а, оцу хена чохь цуьнан Іожалла хилаза ца йолура. Оцу нанна, цуьнан доьзалхошна хууш а доцуш, Дала цхьа дика дина: новкъахь ялар нисделла цуьнан. Новкъахь велларг шен дегІан гІазотехь хир ву аьлла. Шуна Дала собар лойла, шун нана Дала декъал а йойла!
Хаттар: Ша балхахь хилар бахьанехь Іуьйра-ламаз, делкъа-ламаз дан ца ларош меттиг хуьлу шен. Ша цІа веача малхбуз-ламазна молла кхайкхина вацахь, уьш дан йиш юй шен? Жоп: Массо а ламазашна билгалъяьхна шайн хенаш ю. Оцу ламазан тІаьхьарчун хан тІехІотталц хьалхарниг дан мегаш ду. Масала, делкъа-ламазан хан малхбуз-ламазан хан хиллалцю, малхбуз-ламазан –маьркІаж-ламазан хан хиллалц, маьркІажан – пхьуьйра-ламазан хан хиллалц. Пхьуьйраламазан – Іуьйра-ламазан хан хиллалц. Ткъа Іуьйра-ламазан хан малх схьакхетталц ю. Кхана догІучу Къемат-дийнахь вайга хотту дерг ламаз ду. И ламаз хьан магахь, кхийолу Іамалш, цуьнга а хьаьжна, къобал хир ю. И ламаз хьан галдалахь – кхийолу Іамалш галъевр ю аьлла вайн Пайхамара (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам), ламаз – динан бух бу. Ламаз бусалбаний, керстаний юкъахь долу доза ду. Хенаш тергал а еш дан деза ламазаш. Ша цхьа ламаз дича, тІедогІуш долчу ламазна кечам беш хила веза. ХІор ламазехь Делах кхоьруш хила веза. Дала и ламазаш къобалдинчарах дойла вай!
Хаттар: Ши йоІ лелош йисина Іаш ю ша, цІийнда дІакхелхича, цунах бухадисина долу даьхни цуьнан вежарша шега схьаделла. Хан-зама яларца доьзна, шен цІерачара дІайигина ша. И даьхни юха дІадала дезий, ши бер кхобуш ша Іаш хилча? Жоп: Бераш кхобуш Іаш волчуьнгахь хила дезаш ду и даьхни, оцу кертахь иза яцара аьлла доцуш. Оцу берашца иза елахь, ненехь хир ду и даьхни.
Хаттар: Суннат-ламаз дича тасбихь дан дезий? Жоп: Фарз-ламазал тІаьхьа деш долу тасбихь хир ду хоьттуш дерг. Цхьаболчара фарз а, суннат а ламаз динчул тІаьхьа деш хуьлу тасбихь. Деккъа шена лаьцна суннат-ламазашна тасбихь леладе аьлла меттиг бац. Тасбихь – иза Дела цІанвар ду, керста наха цунна тІехь хІиттош долчу сурташха, СубхьаналлахІ аларца. Алхьамду лиллахІ - Дела хьуна хастам бу, ахь деллачу ниІматашна, аьлла, Далла хастам бар ду иза. АллахІу Акбар – Дела, Хьо воккха ву, массо а хІуманал Дела воккхавар ду иза. Иза тасбихь ду, зуькар ду, Іибадат ду. Массо а заманчохь, ламаз дина хуьлийла, даза хуьлийла, мичча хенахь цо тасбихь дарх новкъарло яц. Вуьшта аьлча, вай фарз-ламазна тІаьхьа деш долу тасбихь суннат-ламазна тIаьхьа де аьлла меттиг яц. Амма Айятул-Курси мел дийши, тасбихь ахь мел дарх, хьуна ял ю. Цхьана зудчун а, стеган а маттехула дош арадер дац Ракъийб, Іатийд боху шина малико дІаяздеш бен. ТІаккха шен мотт Дела хьахорца белахь, иза жоьжахатих хьалхабоккху цо.
Хаттар: Оьрсашца юкъаметтиг лелош волчо хІун дан деза цаьргахь хьошалгІахь волуш ламаз даран а, хІума яаран а декъехула? Жоп: Бусалба нахана шайна рицкъа лахарца доьзна керста нахаца юкъаметтигаш лелор дихкина дац. Амма бакъду, бусалба дин эша а деш гергарло лелийча, и гергарло хьарам ду. Ша ламаз дича, марха кхаьбча царна цхьаъ моьттур ду бохуш динна цо эшам бахь, доккха къа хир ду цунна. Бусалба нахана урс хьаькхна йоцу хІума, цара юуш яра аьлла, яа аьлла дац. Керста наха урс хьокхий ца йоь. Урс хьаькхна йийнехь а, Делан цІарца ца йийна цара иза. Нагахь санна бусалба стага урс хьаькхнехь, бисмиллахІ ала ца кхиънехь а, иза вайна магийна ю. Иза Делан къинхетам бу. Оьрсашка хьошалгІа ваханарг хІума ца йиъча вер вац. Стоьмаш а, хастоьмаш а баарца мацалла йойур ю цо. Дала ларлуш гергарло лелор лойла!
Хаттар: Беран да велла, нана кхечахьа маре яхана. И бер кхабар денанна тІехь ду я ненананна тІехь ду? Жоп: Іаьрбийн къоман санна вайн тайпанаш дегахула ду. Доьзалш ненан тайпанара ма ца хуьлу, ден тайпана хуьлу. Нагахь санна ненананас хІара доьзал шега кхабийтахьара аша аьлла дехча, и магош жоп луш гІиллакх хилла вайн, хІунда аьлча, ненанана алсамо къинхетаме ю. Бакъду, доьзал ненананас кхабахь а, царна напха хилийтар дехошна тІехь ду - бераш церан ду. Нагахь санна, царна юкъахь муьлхачо кхаба деза бераш аьлла къовсам баьллехь, ден агІо толор ю. И къовсам цабалийтар, берех къинхетам бар, царна там хилийтар ду-кха вайн, баккхийчеран, декхар.
Хаттар: Цкъа а лийр воцуш санна дуьне а лаха, кхана лийр волуш санна эхарт а лаха олуш хезнера шена, цунах кхетам лахьара боху. Жоп: Кхана лийр волуш санна эхарт лаха бохург хІун ду аьлча, хьо кханенга вер вуй хууш дац, иза вайна къайлехь ду. Дуьненах Іеха ма ло бохург ду иза, со Іибадат дан кхуьур ву бохуш ма Іе бохург ду. Кхана дийр ду ас, тахана са а даьІна бохуш ма Іе бохург ду. Іожалла маца хир ю ца хаьа хьуна, кханенга ваьлча хьайх дика стаг хиларе сатуьссу ахь. Дала аьлла: «Вай тоьхнарг ю хан, цул тІаьхьа а тоттур яц вай и хан, цул хьалха а узур яц». Дала, Шена гергахь, вайна лучу рицкъица билгалйина ю вайн хенаш. Цкъа а лийр воцуш санна дуьне лаха бохург хІун ду? Даларан ойла еш вай чохь хиъна Іийча гІуллакх хир дац, кхин дІа даха рицкъа лахар ду вайна тІехь. Амма и рицкъа лаха деза шен динна эшам ца беш, хьаналчу новкъахь.
Хаттар: Цхьамма ца хууш стаг вер нисделча, хІун дан деза? Жоп: Вайн къоман оьздачу гІиллакхех уггар оьзданиг ду шегара бехк балахь, ша бахьанехь стаг валар нисделлехь, герзах зулам даьлла иза нисделлехь, ша маьрша витича шегахь герз цагайтар, и лелор дац аьлла йина чІагІо яцахь а. Церан сий дар ду иза, лерам бар ду. Сан къонахалла совъяьлла ца веллера шун стаг, сан ледарлонна нисделлера хІара олий, юкъ йоьхкуш хилла куьгбехкечо. Шен карах веллачун гергара нах шена гича, ша говрахь велахь, говрара вуссуш хилла, цу кепара мостагІаллин метта гергарло чІагІдеш хилла. ГІиллакх дацаро юкъаметтиг йохор ю, гІиллакхо иза тайийр ю. Тахана иштта хьал нисделча, масала, машен тІе а тоьхна шайн стаг вийча, царна машенахь лелар дехка гІерташ хуьлу, шаьш цхьа диканиг деш санна. И дарца куьгбехкечун гІарол хІоттаво цо ша. Иза хьекъал цатоар ду. Хьуна диканиг а, вониг а лууш волчо хьуна тІекхоьхьур ду: иза велавелира, хелхавелира, ахь дихкинарг деш вара иза бохуш. Оцу адамийн юкъаметтиг артъеш дерг шайтІа ду. Цундела хІун дан дезара аьлча: вай хІара Делан дуьхьа дуьтуш ду. ХІара Делан дуьхьа дуьтуш хилча, оцу стеган кхане маьрша йита еза. Оха хьо Делан дуьхьа витина алар кхетам болчу нахехь ду. Цул тІаьхьа, шегахь гІиллакх делахь, оцу стага гІиллакх лелор ду.
Хаттар: Шаьш некъаш цІандеш болх беш ду. Дукха меттигаш нисло машенашкахь лелаш болчу наха корах ара шишанаш, совъяьлла мел йолу хІума кхуьйсуш. Некъаш бехдеш, цунах лаций алахьара боху. Жоп: Шен кертара ша араваьлча, кертара нехаш аракхийсичахьана урам бехбеш, некъ бехбеш, шена ма-луъу лела веза моьттуш болу нах – уьш оьзда боцу нах бу. Зен ду цара дийриг, царна шаьш мел цІанбелла моттахь а. ХІор зудчо а, стага а ша халкъана пайда берг деш ву те, я зен деш ву те аьлла терза хІотто деза. И санна долу гІиллакх бер жима долуш цуьнан коьрта чу диллина хила деза. Тахана вайн республикехь арабевлла некъаш, урамаш цІандеш нах бу. Церан сий дан деза, хама бан беза. Вайна дІадаха а, цІа дахка а оьшуш йолу меттигаш бІаьрг бузош цІанйо цара. Церан сий ца деш и некъаш бехдеш берш шайн сий дойуш бу, шаьш шайна тІе сиз хьокху цара.
Хаттар: Ламаз дечу хенахь аган чуьра бер тахко мегар дуй ша, иза доьлхучуьра ца сецча, шен ойла дІайоьдуш хилча. Жоп: Делан Элча (ІалайхІи-ссалату ва-ссалам) Хьусайнца а витина араяьлла хилла ПетІамат. ТІаккха и ламаз Хьусайн карахь а волуш дина цо, рукуІе воьдуш карара охьа а вуьллуш, юха схьа а оьцуш. Иштта и бер Іалашдаран бакъо яьккхина вайна Делан салам хиларо. Бакъду, тахкорца меженаш дукха хьеяр хуьлу, вайн ШафиІи мазхІабехь тІеттІа кхааннал сов меженаш хьеяр хилахь, ламаз духур ду аьлла.
Хаттар:ЦІахь цахилар бахьанехь лийча аьтто бац шен, амма хи шортта ду. Ткъа хи долуш тема дан ца оьшу олу. Ламазна хІун дан деза ша: ламаз Іаддуьтур ша, я тема а дина дийр ду? Жоп: Ишттачу меттехь эвхьаза долу хІуманаш нехан межлисехь лело аьтто цахиларна теманца шен лийчар дІаойур ду цо. Цу меттехь хи лело тарлуш цахиларна, тема дина, шен ламаз дан бакъо йина. Амма шен цІа веана паргІатваьлча, оцу кепара дина долу ламазаш, хаза лийча а лийчина, доькхуш юхадийр ду цо.
Хаттар: Вийна дІавоьлиина волу стаг, и кхалхаран бахьана муха нисделла хьажар Іалашо йолуш, юха схьаваккха бохуш хуьлу вайга. Ишттачу меттехь имама хІун дича бакъахьа ду? Жоп: Оцу хьолехь ша дан дезарг шена Іамо деза Іелимстага. Велларг дІаволлале гергарчу нахе хатта деза: кхуьнга хьажа хьакъ берш хьаьвсиний, таллам биний аьлла, тІаккха волла веза стаг дІа. Ткъа оцу веллачу стагана ша схьаваккхарх а, юха хьарча а вина дІаволларх мискъала-зарратал эхартана эшаме дац.
Хаттар: Воккхачу стага ша велча шен кошана догІа аьлла кечдина чурт ду, хІоккху метте дІа а волла аьлла билгалйина меттиг а ю. Ткъа иза валале хьалха цигахь чурт хІоттадайта мегий? Жоп: Шена чурт кечдар шариІатехь бехке хир дац. ХІоккху меттехь со дІавуллур ву аьлла меттиг билгалъяр – иза бакъо йолуш дац, и весет дІадохуьйтур дац. Кешнийн хьаьрма юьртара бахархойн массеран а цхьатерра меттиг ю. Цуьнан бакъо ю ша Іаш волчу кертахь, шен декъа тІехь шена луъучохь тІулг а боьгІна дІаволла ала.
Хаттар: Цхьаболчу наха шайн бежана а, уьстагІ а цомгаш хилча, урс а хьокхий, базара дохка хьо жижиг. Иза мегаш дуй? Жоп: Шен хьайба цомгаш хилча, хІара кхин хьаште (пайде) дац, цхьа пайда бан беза хІокхунах аьлла, цунна урс хьокхуш волу стаг бехке хир ву Далла хьалха а, Іедалан низамна гергахь а. Цамгарш тайп-тайпана хуьлу: цхьаерш хьайбанера нахана схьакхеташ ю, цундела лоьрера сацам болуш бен дохка мегар дац жижиг.
Хаттар: Стаг цхьадолчу хІуманна тІехь комаьрша хилча, иза ялсамане гІур вац олу, цунах ша кхетавахьара боху. Жоп: Дала Ша вай кхоьллинчул тІаьхьа вайн кара рицкъанаш дохкуьйту. Цхьаволчунна алсам, кхечунна гаттам бина. И дуккха даьхни карадаьхкина берш, и хьал карадаитарца зуьйш ву и Дела. Куралла йо те цо (ХІамана а, ПирІуна йинарг санна) я комаьршалла йо те цо цуьнца (Абубакар Сиддикъа а, Іусмана а йинарг санна). КІезиг даьхни карадаьхкина берш къеллица, гатталлица зуьйш ву Дела. Цхьа кица далор ду ас эццахь: Гуьмсехь дуьххьара маьждиг дугІучу заманчохь, кхайкхабора и маьждиг деш гІо лаьцна болу нах, хІокхо хІара деана, вукхо хІара деана олуш. ТІаккха ши шай оцу маьждигна делла а боцчу дешначу наха бехк буьллура и кхайкха хІунда до бохуш, хьадис а далош. И ца хууш тхо а дацара, хІетахь ас, хьалагІаьттина, элира: «ХІай нах, со жима велахь а, ца аьлча ца волу со, ладогІал, и шуна гина хьадис тхуна а гина. ХІокху маьждигна дукха даьхни деза (хІинца санна Іедало деш дацара маьждигаш). Лакха эвла йисттера стаг ги дукъуа диллина, хьо стенга воьду аьлла шега хаьттича, ша хІара маьждигна эцна воьду бохуш и дуьйцуш охьавеача – и гІиллакх дац шуна. Амма и гІодеш болу нах вай кхайкхийча, кхечарна а дагадогІур изза, тІаккха бен вайга хІара маьждигаш далур дац. Иштта маьждигаш дуьйгІира оцу хенахь. Делан пурбанца, хІинца санна паргІато хуьлда вайна, динан хьашташ кхочушдан массо а хенахь!
Хаттар: Пайхамар волчу заманчохь гІазотан тІемаш бар хилла, хІор тІеман шен-шен цІе а йолуш. Бадрунгахь хилла гІазотах доккха гІазот олу, и хІунда олу иштта? Жоп: И алар бахьана хІун ду аьлча, оцу тІамехь гатто чІогІа хилла Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабашна (Дела реза хуьлда царна), кхо бІе кхойтта бен хилла вац уьш, кІеззиг бен тІеман гІирс ца хилла цаьргахь. ТІамна кечбелла ца хилла уьш даарца, тІеман духар а ца хилла церан, караеанчу хІуманца тІом беш хилла цара. Иштта доллушехь, и тІом тІеэцийтина Дала, царна орца доссор Шена тІе а лаьцна. Дала маликаш диссийна эццахь тобанашца тІамехь Элчанан асхьабашна гІо деш. Оцу маликаша тоьхначу меттехь цІий хьодуш ца хилла, есташ хилла. Оцу тІамехь хилла цІа бирзинарш шайн цІерачарна цабовззал тІеман халалло эрчабаьхна. Цундела «Доккха гІазот» аьлла цунах. Эццахь Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла-кх шен асхьабашка: Вайца Дела ву шуна, вай тоьлур ду шуна. Цуьнан билгало ю шуна вай тахана кхо бІе кхойтта хилар, Дала дуьненчу бахкийтина болу Элчанийн барамехь дагардалуш ду вай тахана, уьш а хилла кхо бІе кхойтта. Иштта уьш декъал хилла. Дала вайна кхана догІу долчу Къемат-дийнахь шапаІаташ бойла уьш!
Хаттар: Адам мел чІогІа Іамалъеш делахь а, цуьнгахь гІиллакх дацахь, цуьнан Іамал коьртера хьалаер яц олу. Цунах лаций дийцахьара боху. Жоп: Хаза гІиллакх ийманах ах ду аьлла. Хьовсал и гІиллакх ийманах ах хилча, цуьнан Іамал нийсса ах ийман доцуш еш ю-кх, цхьаъ и ду. Вайн Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): « Хьо дика а, хаза а долчу гІиллакх тІехь вахийтина ву Оха дин кхайкхо», – аьлла Дала Шен Къуръан чохь. ГІиллакх дацаро цо мел лелош долу хІума терзан тІехь дайдо Далла гергахь а, халкъана гергахь а. Мел лерина лелаш стаг велахь а, нахаца и гІиллакхе вацахь, цуьнан Іамал дІаоьцур йолуш яц Дала.
Хаттар:Духалург ахча делча, сагІа лучул а деза ду олушхезнера, цунахлацийдийцахьабоху. Жоп: Элчанодийцина(Делеракъаинхетама,маршоахуьлдацунна), ша стигалахьалаваьккхинчухенахьялсаманинеІартІехьйозагира шена, цхьана сагІина дуьхьал иттдика долуш, стаг гатвелча, цунна духалург декхардалар, берхІиттаззалекхадуаьлла. Хаттар кхолладала герга ду эццахь, сагІа юха схьадахьар долушма дац,юхалургделларгтоьхначухенахьюхакхочурдолушмаду,ткъаи берхІиттаззалекхахІундадуте, сагІаналлекхахІундадутеиаьлла. Дера ду цуьнгара долучу беркатна. Оцу сагІица цкъа дика дина оцу стага, идика дІаэцначоцунахшенапайдаабина, цунделаииттазза хьаладаьккхинаДалаШен комаьршаллица.Ткъа духалург деллачу даьхнино и стаг гаттенгара хьалхаваьккхина, оцу стеган гІайгІа дІаайина, цунна гІо дина цо. Ибахьана долуш лекха ду и декхар далароцу сагІанала.
Хаттар: Декхар даларан хІун бехкамаш бу шариІатехь? Жоп: Дала (Веза-Сийлахь ву Иза) Къуръан чохь боху: « ХІай, имадиллина нах! Шаьш декхарш луш хилча, цхьа тоьхна хан йолуш (хІокху хенахь схьалур ду аша аьлла) аша дІаяздойла иза». И иштта ца хилча, деллахь, ахь суна хан ма тоьхнера, оцу хене ма ца кхаьчна со аьлла, девне вала а герга ду. Ахь соьга делла декхар хІоккхул ма дацара ала а тарло. Цундела декхар луш делахь иза йозанца дІаязде, теш хІоттаве боху вайга. Тешаллина дац и йоза, вицваларна кІелхьаравоккхууш ду иза. Далла вай вовшийн гІодар дезнера, вайха бинчу къинхетамца вай вовшийн вежараллехь чІагІдар лоьху Дала декхар даларехь.
Хаттар: Декхар даьккхина волу стаг веллехь, цуьнан бисина доьзал бацахь хІун дан деза? Жоп: Адамаш дахарехь вовшашкара даьхни доккхуш а, дІалуш а ду, ткъа валар цІаьххьана хуьлуш ду. Нагахь санна оцу стеган декхар, дерриг даьхни дІаделча а дІадолуш дацахь, цунна кхо чкъор марчо хьарчо йиш яц. Оцу декхаран дас хІумма а дац, хьарчаде цунна тІе марчо аьлла пурба делча бен. Деккъа цуьнан дегІан Іоврат дІакъовла цхьа чкъор хьарчор ду цунна. Оццул чІогІа бу оцу декхаран бехкам. Нагахь и декхар дІадала долуш, амма декхаран да тІекхочехь вацахь, тІаккха и ахча къастийна охьадуьллур ду, бухадисинчух шайн стаг дІавуллур ву. Оцу веллачун весет делахь хІоккхул даьхни хьовзаде шена аьлла, и кхочушдийр ду. И хьовзо бакъо ю церан бухадисинчу даьхнех кхо дакъа дича, цхьана декъал хьаладолуш и дацахь, цул совдаьлларг верасашна кхачош ду. Оцу весетаха и стаг дІавуллур ву цара, бухадисинарг верасашна доькъур ду цара шариІато ма-бохху. Нагахь и декхар дІадала и стаг тІекхочехь вацахь, амма цуьнан даьхнин бакъо караелла волу стаг ву, цуьнга дІадала мегар ду. СагІина хІума яла мегар ду, и декхар схьа ца лахь хІара юхкур ю аьлла, цуьнан даьхнех хІума билгалъяьккхина. Шен декхар дІадала доллушехь дІа ца луш Іийна, кхано тІаьхьа дохковаьлла и дІадала дагадогІуш хуьлу. Бусалба нехан и декхар хиллехь, долчу дена тІера аьлла сагІина хьовзор ду иза, да гучавалахь, цунна а дІалур ду-кх ас хІара бохуш, ният долуш.
Хаттар:
Шена гина кешнашкара схьавогІуш цхьана зудчо барза тІера латта оьцуш. Шега и хІунда эцна аьлла хаьттича, цо ша и латта хи чу а тесна цхьаьнга дегІа тІе кхарзийтича, цуьнан гІайгІа-бала дІаойъу элира цо соьга. Цунах лаций дийцахьа.
Жоп: Оцу хаттарна доцца жоп ду–шариІатехь дац иза, тІарикъатехьа дац иза. Уьш адамаша шаьш-шайн хьекъалшца кхоьллина хІуманаш ду, цунах дина, дарба а дина. ХІара ду я важа ду ала бух болуш хІума дац иза мискъала-зарратал. Шега бала беана волчу стага «Веза Дела, Ахь кхоьллинера-кх тхо, Ахь кхаба а кхаьбнера-кх тхо, хІинца Хьайна дуьхьал дерзош ду-кх Ахь» алар дар-кх каро дерг. Бакъду, вайна массарна а хенаш елла Дала дуьнен чохь яха. Цхьаболчарна дуккха а, вукхарна кІезиг. Цундела Делан кхиэл ю-кх хІара лелларг аьлла, шена собар деха дезаш ду къонахчо. Тезет хІунда хІотта дойтуш ду вайга Пайхамара (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)?
Вайга веллачунна доІа дайта, бухабисинарш собаре хилийта. Мегар дац,маггане а мегар дац!ЖахІилийятан хьолехь, вайх бусалбанаш хилале лелийна долчу хІуманаш тІе а гІерташ , дин цахиларан а, ширкаллин буха тІера хІуманаш ду уьш. Дела везарца дІа айа беза гІайгІа-бала.
Хаттар: Дас фарз тІедожаза волу кІант шена тІаьхьа а хІоттийна ламаз деш хилча, жамаІат аьлла дехка дезий? Жоп: Дела реза хуьлда оцу кепара шайн доьзалш кхиош болчарна. ЖамаІат аьлла доьхкур а ду цо, жамаІатан ял а хир ю цунна. Оцу берана а, цунна и фарз дацахь а, Дела цунна ял лур йолуш ву. Шена тІехь дацахь а, фарз аьлла доьхкур ду цо иза, имамана тІаьхьа возуш ву иза. И ламаз дан дезар, маьждиге ваха везар бераллехь дуьйна схьаэцча, тІаккха шен оьмарехь дІакхоьхьур ду иза. Вайн дайша говза аьлла: «Хьокхах балац хІоз, хІоз серах бе!». Серах хІоз бе бохург хІун ду аьлча, жимчохь бере дикахо Іамало бохург ду-кх. Кхано, воккха хилча, кхето хало хир ду. Жималлехь Іамийнарг, схьаэцна, дІахьур ду цо.
Хаттар:
Іуьйра-ламаз деш вицвелла я хууш МахІдин ца дешча шозза вицваларан сужуд дан деза олуш хезнера шена, цуьнах лаций алахьа боху.
Жоп: «АллахІуммахІдина» олуш дешнаш цу юккъе догІуш долу дела, вай «МахІдин» аьлла цІе тиллина цунна. ШариІатехь Іилман дайша «Къунут» олу цунах. И деша ца хууш болчара, шаьш и дешна цахиларна вицваларан сужудаш дийр дац. Ца хууш долчунна Дала бехке дина дац вай. Вицвелла дешаза диснехь вицваларан шиъ сужуд дийр ду. Шайн ницкъ кхачахь Іамийча дика ду зударша а. Стага Іамо деза, ледарло ян ца еза, иза хаа дезаш ду.

Приложенные файлы

  • docx 8530983
    Размер файла: 67 kB Загрузок: 0

Добавить комментарий